Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хІума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хІинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Іийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх.
дахар луш болу кхаъ царна дІа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хІунда аьлча тІаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.
Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хІинцца ма-дийццара, чІогІа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.