Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Іийсах тешаш болчийн тобане бала хІоттийра. ЯхІуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дІасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. Оццу хенахь ХІарод-паччахь Іийсах тешачийн тобанна таІзар дан волавелира, царах цхьаберш дІа а лецийтира цо. Дала леррина къобалвинчу Іийсан ялхоша, ПахІала а, Тимапис а, яздо Пилап-гІалахь Іаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гІайгІабийраш а, динан куьйгалхойн гІоьнчаш а болчаьрга. ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо Тассалник-гІалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешначийн тобане. Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода