Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цІарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш. Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гІуллакхаш. Нах Іеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дІаделларна, Далла хьалха хІора адаман эхь-бехкана оха дІагойту тхаьш муьлш ду. Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна. Хаза кхаъ айса шуна дІакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода