Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Іидун кІант Закри-ЯхІу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цІарах ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхІудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. ТІаккха бІаьрзечийн бІаьргаш са гуш хир бу, ткъа къорачийн лергаш дІадоьллур ду. ХІинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаІ, ЯхІу-ЦІадакъан кІант! Доьналла долуш хила лаьтта тІехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хІунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чІагІоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидІа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“» Леррина ойла ейша таханлерчу дийнахь дуьйна, уьссалгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь дуьйна. Везачу Элан цІийнан бух дІахІоттийначу дийнера дуьйна хиллачун леррина ойла ейша.
Выбор основного перевода