Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». ТІаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогІуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догІийла хьан цІенна тІе Эпратехь. ЦІе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь. Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цІийнан куьйгалхой. Аса дІаелла Якъубан тІаьхье, иза хІаллакьяйтархьама, Аса дІаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама». Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгІазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тІе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тІе охьаІанор ю, шу Мисар-махка дІадахча. Наха шун цІе яккхарца неІалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хІара меттиг а гур яц шуна“. ХІокху беттан ткъе доьалгІачу дийнахь шолгІа а Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира:
Выбор основного перевода