Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тІаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гІала“ а эр ду». Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“. Соьца къамел деш долчу малико соьга хІара элира: «ДІа а кхайкхаде, дІа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со. Инзаре йоккхачу дераллица оьгІазвахана Со паргІат дехачу дегалчу халкъашна, хІунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгІазло кІезиг хиллехь а, Аса шайгахула таІзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’. Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гІала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цІа юхаметтахІуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гІаланах чекхъер ю латта дусту тІийраг’“. Кхайкхош, кхидІа а дІаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гІаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гІала къастор а ю’“».
Выбор основного перевода