Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. ЛадогІа Соьга, Сан халкъ, ладогІа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дІахІоттор ю. Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду, паччахьаша шайн баганаш дІакъовлур ю Цунна хьалха. Шайга ца дийцинарг гур ду царна, шайна ца хезначух кхетар бу уьш». Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе. Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догІур ду, – боху Везачу Эло. – Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла.
Выбор основного перевода