Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгІазвахана хиллехь а, Хьайн оьгІазалла дІаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волчу цхьайтталгІачу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІачу дийнахь гІалин пенех мостагІаша Іуьрг даьккхира. Бетал-Шар-Эцара дІаваийтинера РегІам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цІа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгІачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» – аьлла. «ХІокху лаьтта тІера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дІаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгІачу а, ворхІалгІачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза? Аша дан дезарш хІара гІуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гІуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама.
Выбор основного перевода