Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ІиндагІехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дІасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дІахІиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а». нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцІеналлица а дийна волчу Везачу Элах чІагІонаш ел. ТІаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду». Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тІехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тІехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь. Оцу дийнахь дукха халкъаш тІедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дІахІуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТІаккха хуур ду шуна Закри-ЯхІу-пайхамар шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалІаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна. Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кІант а хир ву.
Выбор основного перевода