Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгІазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хІокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. Аша Хьариб-ломахь а оьгІазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хІаллакдина дІадаххал дарвеллера. ТабІерехь, Массехь, Кхиброт-ХІатаъвуэхь аша кхин а оьгІазъоьхуьйтура Веза Эла. ДІаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дІадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хІаллакдайта а, цунна тІе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахІиттадайта а, лаьтта тІе дІадогІийта а, – боху Везачу Эло. – Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас. Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тІекхаьчна. Аса кхин тІаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода