Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Іаш волчу хенахь. Вонашка хьежа тІех цІена бу Хьан бІаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Іалур ма вац! Тешнабехк лелораш хІунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Іесачара дІакхаллар вист ца хуьлуш хІунда лов те Ахь? «Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду». Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тІевеанчунна а, мискачунна а гІело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.
Выбор основного перевода