Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тІехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТІаккха хир ву хьо массо а хІуманна тІехь кхиамаш болуш, ахьа хІуъа дахь а, миччахьа хьо гІахь а, хьанна тІе хьо водахь а.
Выбор основного перевода