Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хино лестош болу эрз санна хилла, дІахІоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таІзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тІера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дІасадаржор ду иза. тІаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тІера Исраилан халкъ орамашца дІадоккхур ду Ас. Ткъа хІара Сайн цІе язъян Айса къобалдина ЦІа Сайна дуьхьалара дІадоккхур ду. ТІаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цІе йохуьйтур ю Ас хІокху Сайн цІийнан. Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду.
Выбор основного перевода