Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгІна, Цо бохург дІахезнарг? Везачу Эло цхьа а хІума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дІа а ца йовзуьйтуш. ИбрахІима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогІа дезаш ма бу уьш!“ Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. Цу дерригенан Іалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гІуллакх дан кийча хилийтар.
Выбор основного перевода