Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша. Аша харцдерг дийцарна, неІалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цІенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!» Цу дийнахь ЮшаІа царна тІедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагІа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.
Выбор основного перевода