Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хІора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тІедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. Цо шу шаьш-шайна кІезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хІоттийна, гІелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дІагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хІора дашца дехаш дуйла.
Выбор основного перевода