Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн некъаш тІера тхо гал хІунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чІогІа тхан дегнаш чІагІ хІунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа. «Адаман кІант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хІума а ца хеза, хІунда аьлча уьш аьрха нах бу. Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. ХІунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду. „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. ХІунда аьлча дегнаш чІагІделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бІаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бІаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тІебирзича, Ас дарба дийр дара царна“». Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама». Бода богІийла церан бІаьргашна хІумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а». Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хІунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хІуъа а бен ца хеташ а ду.
Выбор основного перевода