Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хІокху гІалина уллохула тІехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХІунда дина те Везачу Эло хІокху тайпана гІуллакх хІокху йоккхачу гІалина?“ Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дІа а теттина, кхечу деланашна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, уьш лелла дела“».
Выбор основного перевода