Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Дагадаийталаш шайн бІаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гІуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дІакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна.
Выбор основного перевода