Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. И де дІадаллалц тІом бира Абу-Малика Шехеман бахархошца. ГІала схьа а яьккхина, цигахь мел долу адам дийра цара. ГІала йоха а йина, цуьнан саьлнашна тІе туьха тесира цара. Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тІехь дехаш долчу адамийн волла. Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дІахІуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду. Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Іийр ву иза. Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий, Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».
Выбор основного перевода