Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тІера дІавойур ву. Ма сецаве Со. Ас хІаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цІе дуьнен тІера а дІайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“. Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дІа хІунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хІунда велла те Хьо? Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгІазвахар, Хьан эмгаралла, цІе санна, йогуш мел лаьттар ю те?
Выбор основного перевода