Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу кхалоро дийнахь йолчу йовхонах дІалачкъа ІиндагІ лур ду, ткъа догІанах а, дарцах а къайлавала иза бун санна хир ю. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дІагІур вара, уьш массо а тешаме боцу дела – ямартчу нехан тоба ю уьш!
Выбор основного перевода