Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гІуллакхаш дечу а, Іесачу а нахаца хІаллак ма вехьа со. Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара. Иза лаккхара охьатаса дагадеана царна, харцдерг дуьйцу цара. Багахь иза декъалво, ткъа дегнаш чохь цунна неІалташ кхайкхадо цара. Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кІеда а хуьлу, амма тІаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агІор ирдинчу туьрал а ира хуьлу. Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до. Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо.
Выбор основного перевода