Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хІума дахь, нагахь лаьтто, бага дІа а гІаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хІума дІа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гІахь, тІаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла». Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. Амма Дала царна тІе пхерчий кхуьссу. Уьш цІеххьана дІа а лоцур бу.
Выбор основного перевода