Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Боданах кІелхьарваларе цо са ца туьйсу, даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду. Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тІе нуьйр а тиллина, иза ша Іийначу гІала дІавахара. Шен тІаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тІаьхьа иза шен ден коша чу дІавоьллира. Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“». Эли-ЯхІу-пайхамар и дІаала вахара. Харцлуьйраш хІаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цІий Іенош берш а, мекарлонаш лелораш а. qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа. Сох мостагІий ма кхардийтахьа. Цкъачунна хІаллак ма бе уьш, хилларг сан халкъана диц ца далийта. Хьайн ницкъаца дІасакхиссинчул тІаьхьа, эшабе уьш, Веза Эла, тхо лардеш верг. Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа, кІоргачу хине со дІа а ма кхаллийтахьа, эхарта чу а вахийтина, иза суна тІаьххье дІа а ма къовлийтахьа. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Іесачу нехан шераш дацдина хир ду. Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тІе боккха горга тІулг охьакарчийта гІертачунна и тІулг цунна шена тІекерчар бу.
Выбор основного перевода