Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кІелхьардолийла – даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кІел ду. МостагІий шун юьхь-дуьхьалара дІа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХІаллакбе!“ Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Іарш кхел ярна кечйина ю. Уьш Шена дІахезча, Дела оьгІазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дІатоттура. Шун къомана Ас таІзар дар эрна хилла, исраилхой, хІунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хІаллакбина». Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара.
Выбор основного перевода