Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгІазвахханчохь Хьайн лай дІа ма таттахьа. Хьо сан гІоьнча вара. ДІа а ма таттахьа, дІа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КІелхьарвоккхург! Ва Дела! Сан доІа хазахьа, сан багара дешнашка ладогІахьа. ДІахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам, бехьа, сан Дела, сан доІанан тергам. Веза Эла, сан доІа а хазий, сан дехаршка ладогІахьа.
Выбор основного перевода