Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккхучу хенахь Абушалама шена тІе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гІалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чІагІлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара. Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тІех а детташ, суна хьалха шу лакхадовла гІертахь, Сан тайпанах берш суна уллора дІабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина. Сан доттагІашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла. Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. ТІаккха ас элира: «Суна тІехь толам ма боккхийла сан мостагІаша. Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш».
Выбор основного перевода