Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш. Іуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца, ткъа буьйсанна – Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца, Хаза хьожа йогІу хІума санна, сан доІа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагІа санна хуьлийла. Ткъа Даниал, паччахьо и омра чІагІдинийла шена хиъча, шен цІа чу вахара. Цуьнан лакха тІехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дІадиллина дара. ХІинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хІоьттина, шен Далла доІанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала. Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цІийнан керта воьдуш. ШолгІачу дийнахь бахийтинарш гІалин йисте кхочуш, Кипа доІа дан цІийнан нийсачу тхов тІе хьалавелира.
Выбор основного перевода