Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш». Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гІаьттина, со кху буьйсанна Даудана тІаьхьавер ву. суна тІегІоьртинчу буьрсачу мостагІех, суна го бинчу сан са лоьхучу мостагІех. Цара боху: «Дала дІатесна иза, тІаьхьа а довлий, схьалаца иза, и кІелхьарваккха цхьа а вац цуьнан».
Выбор основного перевода