Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дІаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш». Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТІаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!» Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Іаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тІе бохам баийтархьама.
Выбор основного перевода