Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
динан дас омра лур ду, цІанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу Іуттур ду динан дас. Юха цамгарх цІанвечу стагана тІе ворхІазза цІийн тІадамаш тухур ду цо. Цул тІаьхьа, стаг Далла хьалха цІена ву аьлла дІа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дІахоьцур ду динан дас. И цІа цІандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас. Хино дІайоху модаш санна, дІаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цІанвехьа со. Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. Товрат-хьехам тІера парзаш дерриг а халкъана хьалха дІа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цІий а, цІен тІаргІа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тІе цинцаш туьйхира Мусас.
Выбор основного перевода