Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула Шамъал волчуьра дІаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира. Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. Церан дегнаш Цунна тІедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тІулган дог дІа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса. Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дІадаьлла, хІинца керланиг хилла дІахІоьттина! Я сунтвар а, я сунт ца вар а хІумма а доцу хІума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург! Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.
Выбор основного перевода