Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Боьхачунах цІенаниг схьавер вуй? Вер вац. Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тІера дІабевлла Іесанаш. Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш. Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. Цхьа адам Далла муьтІахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтІахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.
Выбор основного перевода