Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. Шалхонча, цкъа хьайн бІаьргара хен дІабаккха, тІаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бІаьргара чамхалг схьаяккха. амма хьох Ас доІа дина, хьан Делах тешар лагІ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тІе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чІагІделахь». Цуьнга ладоьгІначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Іийсага кхойкхуш берш хІаллакбан гІерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тІебига веана вац иза?» Шаул нахана хьехам барехь тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча.
Выбор основного перевода