Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттор ю, ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхІуттур ву. Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гІалане Цийоне дІахьажал. Хьан бІаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чІагІдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац. Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. «Пекъар йолу, мохо дІасалестош йолу, шена синтем ца бина йолу гІала! Ас-Айса хьан тІулгаш поппарца дуттур ду, хьан бух саппир-тІулгех буттур бу,
Выбор основного перевода