Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хІара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю. Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тІома кІел лечкъар ву со, сайн бохамаш дІабовллалц. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. Веза Эла! Къинхетам бехьа тхох, Хьох ю-кха тхан дегайовхо. Лардехьа тхо хІора дийнахь, кІелхьар а дахахьа, хала хан тІееача. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма санна даьккхина доІа. Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна. Веза Эла! Хьан гІуллакхашка ларамах вуьзна ву со. Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта, тхан заман чохь и гІуллакхаш кхин а гучудахахьа! ОьгІазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа. Дела Теманера схьавогІу, Везаниг а Паран-ломара схьавогІу. Цуьнан возалло стигалш дІахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу. Цуьнан лепар малхан серло санна ду. Ницкъ къайлабаьлла болчу Цуьнан куьйгах зІаьнарш юьйлу. Цунна хьалха кхераме цамгар йогІу. Цуьнан гІулчашкахь Іожаллин ун лела. Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дІахьаьжча, халкъаш тохало. БІешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду. Суна го, хушанхойн четарш гІайгІанехь хилар, маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар. Хишна оьгІазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тІе йирзина те Хьан оьгІазалла? ХІордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гІудалкхаш лоьхку Ахь? Ахь схьадоккху Хьайн секхаІад, Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ахь Іоврашца хедадо латта. Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КІоргачу хІордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу. Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна. Хьо оьгІазаллехь лела лаьтта тІехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу. Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кІелхьардаккхархьама, Айхьа къобалдинарг кІелхьардаккхархьама. Ахь Іесачийн халкъан коьртехь волчунна туху, бух тІера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш. Ахь цуьнан тІемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво, тхо дІасадаржо, дарц санна, уьш тІехьаьддачу дийнахь, хазахетарца мисканиг къайлаха дІакхалла дагахь. Ахь Хьайн говрашца хІорд хьоьшу, сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш. Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьІахкех лазар кхийтира, сан когийн кІелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тІелеттачу халкъана тІе догІучу бохаман дийне. Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бІаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тІе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. ХІинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза, шайн къинош дІадахийтархьама.
Выбор основного перевода