Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Хьан тІедехкинарш Якъубан тІаьхьенна Іамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Іамабо. Хаза хьожа йогІу хІума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагІа доккхучу кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш доху. Цара шайн халкъ лам тІе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагІанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хІорда чуьра, хІордан йистошкахь йолчу гІамарна тІера». Везачу Элана лерина нийса сагІанаш цІеначу даггара дахалаш, Цунах тешна хилалаш. Дийнаташ дагоран сагІанаш дахьаш, со Хьан цІийнан керта вер ву, Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду. Хьуна сагІина ас дерстина дийнаташ дахьар ду, койн мохь а ягор ю. СагІина ас стерчий а, бежалой а яхьар ю. Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама.
Выбор основного перевода