Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кехата тІехь Дауда яздира: «УръяхІу тІамехь хьалхахь лаьтташ болчу тІемалошца дІахІоттаве, уггар чІогІа тІом бечу меттехь. Цул тІаьхьа, цунна уллора дІа а довлий, иза вейта». Леррина гІала дІахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Іамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхІу дІавахийтира цо. ГІалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тІом бан хІиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхІу а вара царах цхьаъ. Хьо Везачу Элах хІинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхІуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Іамминхойн карах вала а валийти. Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. qac Дqac*е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тІе а верзавехьа со, Іама а вехьа со, хІунда аьлча со кІелхьарвоккху Дела Хьо ву. Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш, муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш. ХІора дийнахь Хьан бакъдерг дуьйцуш, Ахь кІелхьардахар кхайкхор ду ас, цуьнан барам суна ца хаахь а.
Выбор основного перевода