Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала оццу гІенах элира Абу-Малике: «ХІаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цІенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. Кху цІа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хІунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?» Хьо Везачу Элах хІинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхІуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Іамминхойн карах вала а валийти. ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. qac Уqac*ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тІедехкинарш бакъ ма ду. ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! Ткъа кІанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала“. Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
Выбор основного перевода