Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Ас хьо кхетор а ву, хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву. Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тІехь, Сан бІаьрг а бу хьуна тІехь. Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу, ховха а, сийна гІа долуш а хуьлу. ХІунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тІейогІучу тІаьхьенашна. Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода