Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна дагабогІур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хІуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хІума хи тІедаларца хІаллакйийр яц аьлла. Ша тогІи чуьра гІаланаш йохош, Шена ИбрахІим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гІаланашкахь Іаш волу ЛутІа араваьккхира Везачу Эло. Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дІадахахьа сан къинош. Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам Цунах кхоьручаьрга, ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а, Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а массо а тІаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта. Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цІа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гІайгІа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу. синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагІанаш Сан деза цІа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас хІокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода