Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча зулам долуьйтурш хІаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду. Ткъа эсала болчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду. qac Вqac*уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь. Гуттар декъалйина хир ю дог цІена йолу цуьнан тІаьхье. Амма соьга ладоьгІнарг, паргІат а волуш, цхьана а агІор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш». Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тІе догІур дац. Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.
Выбор основного перевода