Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан юкъалеларг суна доттагІа хилла дІахІоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бІаьрхиш Іенадечу хенахь. Къайлаха дІахІоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хІунда аьлча Хьо ю сан чІагІо. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бІаьргаш лаьмнаш долчу дІахьажабо, сайна гІо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бІаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг! Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц. Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тІе хьажийна бу сан бІаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дІа ма тасалахь сан са!
Выбор основного перевода