Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Амма майрачунна тешаме йоцу зуда санна, хьо Суна тешаме яцара, Исраилан тІаьхье». Иштта боху Везачу Эло. Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Выбор основного перевода