Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидІа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хІара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар». Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагІий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тІебоьду сан некъ. Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со. Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со, сан мостагІий сан тергам беш хиларна. Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла, Хьуна тешаме волуш лелар вара со. Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа.
Выбор основного перевода