Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан мохь Цуьнан лере кхечира. Хьан юьхь-дуьхьал дІакхочийла хІара сан доІа. ЛадогІахьа хІокху сан орца даккхаре. Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тІаккха Цо уьш церан баланах кІелхьарбехира. qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца.
Выбор основного перевода