Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дІаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта». Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тІекаре сан хІусамехь йолчу хенахь. хІунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцІена болчийн. Везачу Эло цхьа а хІума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дІа а ца йовзуьйтуш. Іийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца гархьама, ладугІуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те.
Выбор основного перевода