Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭхІ-хІай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тІаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара! Массо а адам кхералур ду, цара Делан гІуллакх кхайкхор ду, Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю. Вуй те дуьнен чохь цу хІуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хІуманах кхето йиш йолу? ХІунда хІаллакдина хІара латта, цхьа а шена тІехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хІунда яссийна хІара аре? Дукхахберш цІанлур бу, кІайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Іесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу. Ва Эпрайман халкъ, цІушца Сан хІун бала бу? Хьан доІанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Іалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».
Выбор основного перевода