Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
цаьрга даьссачу лаьтта тІе а, адам доцучу аренна тІе а догІа даийта, эрна а, яьсса а аре хих Іаборхьама а, бецашка зІийдагаш тасийтархьама а? Цо тархах, Іам бой, дІахІоттабо, иштта тІулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту. Йовхачу гІамарх хин Іам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангІалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу. Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогІешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Іам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду.
Выбор основного перевода